ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Веданан кIоштахь мини тIехь тIемало эккхар ларамаза хилла лору полисхоша


Хорача.
Хорача.

Веданан кIоштахь мини тIехь иккхина шо хьалха лаьцна хилла тIемало а, цунна ха деш хилла ши полисхо а аьлла, хаам баьржинера зорбанан гIирсашкахь. Ткъа хIинца иза ларамаза хилла дара аьлла, дIакхайкхийна Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхалло.

"Кавказский узело" дийцарехь, Веданахь талламан эксперимент дIахьош кхелхинарг ву 60 шо долу Кужулов Iаббас. И стаг герз дIадиллина меттиг схьагайта реза хилла хила мега, Iедалша лецна шен гергарнаш дIахецийта Iалашо йолуш аьлла. хета "Кавказский узелан" хьастана.

Шина полисхочун чевнаш а еш. Веданна а, Хорачанна а юкъарчу хьуьнхахь Гезгмашин-беттан 21-чу дийнахь кхелхина Кужухов 2016-чу шарахь чувоьллира тIемало хилла, иза хан токхуш хилла махкал арахьа, амма Нохчийчу валийна хилла цуьнга герз дIадиллина меттиг схьагайтийта, яздо "Кавказский узело".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG