ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Наркотикашца доьзна зуламашна дуьхьало ян барт бина Нохчийчуьрчу а, ХIирийчуьрчу а министрша


Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан цхьаьнакхетта шен Къилбаседа ХIирийчуьрчу коллегица Скоков Михаилца, хаам бо kavtoday.ru сайто. Коьрта дийцаре дина хаттар дара норкотикашца доьзначу зуламашна дуьхьало яр.

Министрша шайн къамелехь хьахийра кху тIаьхьарчу хенахь социалан машанашкахь бийцаре беш болу Нохчийчуьра наркотикаш лелочу нахана ХIирийчохь уьш юхкуш хиларх лаьцна хаамаш.

Алхановс а, Скоковс а барт бира цу хьокъехь йолу информаци вовшашна йовзийта а, наркотикаш юхкуш я оьцуш лаьцна нах хилахь вовшашка хаам бан а

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG