ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакаев Зелимхан карийна Германехь


Бакаев Зелимхан.
Бакаев Зелимхан.

"Грозный" телеканало бинчу хаамца, Нохчийчуьрчу полицино лоьхуш волу йишлакхархо Бакаев Зелимхан карийна. Цо дийцарехь, иза могуш а ву, гарехь, "шена там хуьлчу агIор хан дIахьош" а ву.

ХIара видео а хIоттийна "Грозный" телеканало шен сайтан агIонехь.

Оцу ролик тIехь Бакаев цхьана хIусамчохь ву, кораш гатанашца къевлина ду. Узуш кальян ю, стольтIехь масех энергетикан банкаш ю. Ша Германехь ву бохуш, дуьйцу цо.

«Кавказ.Реалии» портало хаьттинера Зелиман уллерчу доттагIашка, ишта бакъонашларъярхойн организацин векалшка а, царна хIун хета оцу Iораяьккхинчу видеох аьлла.

"Зелиман Iалашо яцара цхьанхьа а дIаваха. Цул совнах, шен йиша маре йоьдуш цIавеана иза, кхи аьлла хIума а доцуш дIагIур волуш а вацара. Нагахь санна, ша дIавоьдуш хилча. Нохчийчу стенна веана иза? Я цуьнан шенгенан виза а яцара", - аьлла Бакаевн доттагIчо.

"Нохчийчу Оьрсийчоьнан омбудсмен Москалькова еанчул тIаьхьа цIано ян гIерта махкара Iедал. И видео, суна хетарехь, дIаязйина дуккха а хан ю. ХIинццал хIунда ца теллира Iедало цо доза хадийна я ца цахадийна. Москалькова еанчул тIаьхьа хIунда буьйлабелла иза лаха", - ца кхета Нохчийчуьра бакъонашларъярхо а.

Маршо Радионо телефон туьйхира Зелиман нене Бакаева Малике, бакъдуй кIант карийна хилар хоттуш. Нанна шен кIант хIинца а бIаьрга ганза ву, кхаьчна кост а дац.

Нагахь санна, Зелим Германе дехьавалар бакъделахь, оьгIазъяхна ю иза, шегара пурба а доцуш иза вахарна. Делахь а, иза дийна а, могуш хилчхьана миччахь шен кIант хилча а мегаш ду Маликина.

Байначу беттан 8-чохь вайна иллиалархо Бакаев Зелимха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG