ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КужуловгIеран доьзална орцахбевлла дуьненчуьра бакъонашларъярхой


ТIемало хиллачу Кужулов Iаббазан лаьцна латточу пхеа гергарчарех виъ дIахецна, ткъа цуьнан кIантах Илесах хилларг хIинца а хууш дац.

«Кавказ.Реалии» портало ма-дийццара, йозуш йоцчу дуьненаюкъарчу бакъонашларъярхойн организацино дIакхайкхийнера Нохчийчоьнан Iедало лецарх Султанов Илес (Кужулов), Iилман, Iайшат КужуловгIар, иштта СултановгIеран (КужуловгIеран) ши йиша ТIаус а, Марха а. Уьш бериш а гергара бу стохка тIемалойн декъехь хилла аьлла, хан тоьхна хиллачу, дахначу кIиранан еарийдийнахь Веданан кIоштахь талламан эксперимент дIахьочу хенахь, мина иккхина веллачу 60 шо долчу Кужулов Iаббазан

Туркойчуьрчу нохчийн диаспоро рогIера кхайкхам бина журналисташка а, бакъонашларъярхошка а. "Полицино тергоне эцнера 2004-чу шарахь 15 шо а кхачаза хилла Кужулов Илес. Цуьнан ден Кужулов Iаббазан хьокъехь масийттазза дIа а вигинера иза ницкъаллийн структураша, хеттарш дан. ТIехь ницкъ бинера цунна", - яздо диаспоран векалша.

Иштта «Мемрриале» а орца дехнера 2009-чу шарахь Илесан гергарчу наха, Iедало иза дIавигинчул а тIаьхьа.

"Тхуна ца хаьа, стеннна и кIант цара хьийзаво, цуьнгара хIун оьшу царна. Илес жима бер дара цуьнан да тIаме воьдучу хенахь. Iедало бен тIеIаткъам цо ловр бац аьлла, кхоьру тхо. Шен йижарийн а, ненан а ша цхьаъ бен гIортор йоцийла а хууш, маьрша ваха лууш вара Илес", - аьлла дара бакъонашларъярхошка кIенатн гергарчара дина дIахьедар.

Дуьненаюкъарчу бакъонашларъярхойн тобан декъахоша тIедожийна Инарла прокуратурана а, Талламан комитетна а низамашкахь талламаш дIабахьар Султанов (Кужулов) Илес дIавигарх а, иштта бухарчу Iедалх тешна а ца Iаш, шеггара талламаш болор, Кужулов Iаббаз валаран хьокъехь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG