Маршо Радион махкарчу хьастийн хаамашца, дIаверзийна Шемарчу тIамехь дIакхелхина Тербулатов Мохьмад. Юххерчу Малхбалехь Iаьрбоша шайлахь бечу тIамехь Iожалла карийнарг ву Теркйистерчу Макана кIотарара цхьа шо хьалха зуда а ялийна, хIинцца хIусмаш а нисйина, ваха хиъна, шо кхачаза долчу беран да.
Геналлехь велла Тербулатов тIеман министараллин могIарера салти ву.