ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакаевс "Германера" яийтинчу видеотIехь харцо карийна журналисташна


Нохчийчоьнан Iедало Германера схьаяийтина аьлла, иллиалархочун Бакаев Зеламхан яржийначу видеотIехь гуш йолу йийбар а, энергетикан хиш а Оьрсийчохь духкуш ду.

Бакаевн стоьл тIера PepsiCo компанино арахоьцу Drive Me энергетик немцойн туьканашкахь духкуш дац.

PepsiCo компанин пресс-гIуллакххоша тIечIагйина и информаци «Медиазона» агенталлана.

Иштта журналисташа къастийна, Зеламха тIехиина «Нова 140» диван Москохарчу Rival фабрикехь йина хилар, ткъа лесташ долу «Вега» кресло Боровичерчу «Элегия» фирман ду.

КIирандийнахь Нохчийчуьрчу телеканало шайн сайте хаам оьллина байначу баттахь дуьйна вайна хилла Бакаев Зеламха Германехь ву аьлла. Тоьшаллина гойтуш ю Зелим тIехь волу видео.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG