ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: "Путин хилахь - Оьрсийчоь а хир ю"


Хинболчу Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь Путинан метта дарже хIотто кхи альтернатива ян а яц аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

"Вайн цхьа харжам бу – Путин. Боллу Оьрсийчоьнан бахархоша кхаж тосур бу цунна. Путин вуй – Оьрсийчоь а ю", - аьлла Кадыровс журналисташка, шен дIахьедар нохчийн къоман лаамца ду аьлла, тIе а тухуш.

"Пачхьалкхан президент хила луучу кхечу кандидатийн хан хIинца а тIе ца кхаьчна. Таханалерачу Оьрсийчоьнан коьртехь хила хьакъверг Путин ву", - аьлла Кадыровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG