ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Берийн хIусам стенна ца йо техьа Нохчийчохь?


Кхетам сакхте дуьнентIе девллачу берийн хIусам махкахь цахилар чIогIа эшаме лору бахархоша.

Официалан хьостанаша даре а деш, заьIапан бераш дукха долчех цхьа кIошт ю Нохчийчоь. Царлахь кIезиг дац деш дуьйна а кхетамна айпе дуьнентIе девлла бераш а. Церан хьокъехь бинчу талламийн гайтам хастаме хила гена бу.

Ма-дарра аьлча, оцу берийн дай-наношлахь кIезиг бац махкахь царна лерина, уьш кхобуш хIусам хилча, шайн заьIапан доьзалхой цига дIабала резаберш. Цомгаш бер 3-4 баттана Iуналле схьаоьцуш диспансер олу лазарнеш ю, амма яц гуттаренна уьш тIелаца берийн хIусамаш.

Уьш цахилар халонга дуьйлучех ву Гуьмсера Парамазов Аслан.

Парамазов: "Леррина кехаташ а кечдина, Ростов кIоштехь дика берийн хIусам ю аьлла, тохаделлера тхо. ХIара хIусамнана тIаьххьара а дохко а яьлла, дерриге а дуьйхи-кх. Бакъдерг дийцича, Нохчийчохь, куьг кхоччехь ишта меттиг елхьара дIа-м лур яра оха йоI. ХIирийн мехкан Бура гIалахь а ю, амма иза дика ца юьйцу".

Кхечу махкахь а доцуш Нохчийчохь и приют олу берийн хIусам хилча шайн йиша а яра воккха хилла вогIу кIант цига дIавала реза боху цигга Гуьмсан кIоштерчу Балиева Луизас а.

"Нохчийчохь уьш кхобуш меттиг елхьара цо-м лур вара иза дIа"

Луиза: "Тхан йиша ю коьртана дика воцчу кIантаца бала хьоьгуш. Ондаваьлла вогIу. Сецо ма-торру ву. Кху Нохчийчохь уьш кхобуш меттиг елхьара цо-м лур вара иза дIа. Цуьнан де ма дац и лело а, цуьнга ладегIа а".

Берийн хIусамашкахь мел даладелла хьелаш делахь а, шен бер лоьрех тешо дагахь а боцурш а бу.

ХIуъу а хилла латтахь а, цигахь мел дика хьелаш хиларх а, ша-м лур вац шен кIант цхьанхьа дIа. Оцу ойланехь чIагIъелла ю Тумиша.

Тумиша: "Ас лур вац. Соьга валалур а вац. Со санна бала кхочуш цуьнга цигахь мила хьожур ву? Соьга дукхамма а баьхна, делахь а соьга и да-м ца ло".

"Нохчийчохь ца а еш массо тайпа гIишлош ца йисна, и берийн хIусам стенна ца йо техьа?"

Делахь а, схьагучу суьртехь, дехьа сехьа эха а ца дезаш, тIекхача ма лиъанехь мичча хена а тIекхача аьтто а болуш, Нохчийчохь берийн хIусам хилча, доьзалхой цига дIабала резаберш алсамо бу махкахь. Цунна даре до соьлжагIалахочо ПетIамата а.

ПетIамат: "Сан вешин кIант ву коьртана дика воцуш. Схьабийца мотт а бац, дIадуьйцучух кхета-м кхета. Кест-кеста тIе моха йогIу, тIаккха цо караеънарг а дIа тIе йохуьйту, стол, гIант тIекIалдетта. Валла кху махкахь боргIанехь санна берийн хIусам елхьара оха и дIа-м лур вара цига. Кху Нохчийчохь ца а еш массо тайпа гIишлош ца йисна, и берийн хIусам стенна ца йо техьа? Кхузахь коьртана галдевлла бераш дац моьтту те Iедалхошна, я уьш доцу сурт хIитто гIерта техьа?

Кхечу махкахь атта дIа а ма ца оьцу, нагахь хьо цигахь дIаязвина вацахь. Ткъа цигахь и прописка олу бакъо яккха дукха хIилланаш лело а деза, таро хила а еза".

КIошташкахь а, ярташкахь а тIехула бинчу талламаша а ма-гайттара, дийнахь а, буса а церан гIаролхой а хилла, дуккхе дукха хьекъална тилла бераш ду нохчашлахь цIахь кхобуш.

Царех дукхахберш цуьрриг дуьхьала а бац Нохчийчохь ницкъалчу лазарца долчу берийн хIусам хилча цигахь шайн берашна тховкIело лаха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG