ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стенгахь ву Бакаев? Вуно хазачу Германехь я...?


Нохчийчохь вайна Бакаев Зеламха Германехь гучуваьлла аьлла, хаам баржийна Нохчийчуьрчу телевизионехь. Бахнчу беттан 8-чохь Соьлжа-гIалахь, цхьаццаболчу хаамаша чIагIдарехь, тIеман духар доьхначу наха лаьцначул тIаьхьа, лар йоцуш вайна ларалуш ву и 25 шо долу кIант.

Иза гойтуш шиъ йоца видео яьржина, цкъа хьалха Ютюб канал тIехь, цу тIера и шиъ схьа а эцна, Бакаев ша шен лаамца Малхбузе дIа а вахана, шен сакъоьруш лелаш хиларан тоьшалла санна гайтина Грозный телеканало.

Видеоклип тIехь гуш ву ша Бакаев, совтIехьчу кепехь ша самукъадаьлла хилар гайта гIерташ. Ислам бохучу цхьана кIанте дечха дIаяздинчу къамелехь цо боху, ша Марсхьокху - бутт юкъебаьлча дуьйна Германехь а ву, цигахь вуно хаза а ду.

Москохахь, Нохчийчохь дан хIуммаъ дац, кхуза схьавола, кхузарниг дош ду бохучу хьесапехь къамел до Бакаевс оьрсийн маттахь. Цуьнан накъосто, - цо цунах „Рус“ олуш хеза – Бакаевс къамел дечу хенахь телефонан камера мелла а иза чохь волчу петарехь хьовзайо, цу чуьра хьал гойтуш. Ша Бакаев хелха а сетташ воьдий, жимчу стоьлана хьалха лаьттачу диван тIе охьалахло, кальян олуш йолу кIур узург бага а уллуш.

Бакаев Зеламха дийна хиларца доьзна хазхетар дижинчул тIаьхьа цу видеон талламаш бу социалан машанашкахь бIеннаша наха беш. Цхьа могIа хаттарш а ду цу видеогайтамийн хьокъехь кхолладелла, и шиъ йоца клип янне а Германехь яьккхина юй-те бохучунах шеконаш кхуллуш йолу.

Уггаре а хьалха шена тIе тидам бохуьйтуш ду, и клипаш интернете ехкина волу Лебедев Артеман кхин цхьа а видео ютюбехь ца хилар. Лерина Бакаев гайтархьама схьайиллинчух тера ду цу стага я цу цIарна тIехьа лаьттачара и оьрсийчун цIарах йолу аккаунт.

Хьахо догIу иштта, Бакаевн стоьла тIехь Ред Буллна уллохь лаьтташ йолу Драйв олуш йолу энергетикаш Оьрсийчохь еш хилар. И малар Германехь я Австрехь духкуш а, лелош а дац, ур-атталла немцойн махкарчу оьрсийн туьканашкахь а ца хуьлу иза. Оьрсийчохь "ПепсиКо Холдингс" фирмано Москохана уллорчу Солнечногорский кIоштахь Шерризон олучу маьрша махбаран зонехь душ ду и Драйв.

Иштта социалан машанашкахь шайн талламаш дIахьочу тергамхойн шеконаш кхоллаелла Бакаев чохь Iачу петаран кораш таьIна -сирачу корах ухкучу кIаденашца цхьа а арахьара серло чу ца кхочучу кепара дIакъевлина хIунда ду бохучун хьокъехь.

Иштта цхьаццаболчу журналисташа а, тергамхоша а тидам бина Бакаев чохь волчу петарчуьра мебал а Оьрсийчохь я, Нохчийчохь а лелочарех тера хилар, европахойн хIусамашкахь хуьлчул а. Медиазона сайтерчу журналисташа чIагIдарехь, „Нова 140“ цIе йолчу диван тIехь Iаш ву Бакаев, Москохарчу мебалан фабрикехь йинчу, ткъа цунна уллохь лаьтташ долу техкаш долу кресло „Вега“ цIе йолуш ду, Боровичи гIаларчу „Элегия“ фабрикехь дина а ду иза.

Бакаев чохь волчу петаран интерьер Европерчух тера ца хилар тIечIагIдо Маршо Радиоца къамелехь Австрехь вехачу Исханов Хьусейна а.

Исханов: „Цигахь интерьере хьаьжча а, цу чохь кхозучу кондиционера хьаьжча а гуш ду, иза дерриге а кху Европерчу стандарташца цхьаьнайогIуш ца хилар. ХIинца и кондиционер схьаэцча, кхузахь и тайпа кондиционераш хуьлуш яц. Кхузахь ерш кхечу керлачу системаца йина хуьлу уьш. Я дукхахчу хьолехь нехан чохь уьш хуьлуш а яц, климат кхузахь башха довха ца хиларна. Цхьа кхин сурт ду цу видео тIехь гушдерг“.

Исханов Хьусейна ма-аллара, Бакаевн Германехь ю бохучу петаран пенах кхозуш йолу кондиционер Европерчу хIусамашкахь карон хала ду. Германерчу наггахьчу бахархоша шайн чохь кондиционер хIоттош хилахь а, иза лаьтта охьа а хIоттайой, корехула я неIарехула хIаваан циркуляци яйта арабоккхуш пластикан пхьош а болуш, гIирс хуьлу.

Делахь а, и ягарйина йолу шеконаш цкъачунна шеконаш а хилла юьсу, Бакаев билгал Германехь ву я вац чIагIдан йиш йолу тоьшаллаш кароллалца.

И кIант Германехь велахь, иза цигахь тховкIело а ехна кхаьйний-теша бохург къасторхьама Маршо Радио телефонехула зIене елира Нюрнберг гIаларчу немцойн кхечу махкашкарчу мухIажаршна тховкIелонаш яларан хьукматца.

Цу хьукматан прессица болх баран декъан векало Псае Натальяс Маршо Радионе цхьанна а тховкIело ехначу адамах йолу долара информаци яржон бакъо яц элира Германин низамашца.

И санна йолу информаци, цо дийцарехь, даккхийчу бахьанашца полисхошна бен хаа йиш йолуш яц .

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG