ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIаларчу гIишлошчуьра нахана эвакуаци йина


Соьлжа-ГIалин мэричуьра а, кхи а масех гIишлочуьра а нах арабаьхна оршотдийнахь, мила ву ца хуучо масийттазза чохь йоьллина бомба ю аьлла телефон тохаран бахьанашца. РБК агенталле и инофрмаци тIечIагIйина мэрин информацин, зорбан декъан векалша.

"Цхьана 15 минотана чуьра арадовла аьлера тхоьга, тхан гIишлох хьовсархьама. Таллам бинчул тIаьхьа цхьа а оьккхуьйтург ю ала шеко йолу хIуммаъ ца карийра. 19.25 минот яьллачу хенахь юха чудитира тхо тхайн белхан меттигашка", - аьла дийцина агенталле мэрин белхаочо.

"Новости" агенталлан хаамашца, иштта кхерамаш тийсина, нахана эвакуаци йина хилла «Гранд-парк» олучу йохка-эцаран туьканара а, бизнес-центрера а, «Грозный-ситира» а, иштта кхи а масех гIишлочуьра а.

Карарчу беттан 10-чохь дуьйна Оьрсийчоьнан тайп-тайпанчу гIаланашкарчу полици телефлнехула хаамаш кхочура йохка-эцаран туьканашкахь, вокзалашкахь, отелашкахь а, административан гIишлошкахь а, школашкахь а, лакхарчу доьшийлашкахь а минаш ю йоьхкина бохуш. Цхьанхьа а ца карийна лоьлхуьйтурш. 25 Оьрсийчоьнан гIаланашкахь тийсина кхерамаш.

РБК-н чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу хьасташа хаамбарехь, «телефонан террорхоша» бина харц хаамаш бахьанехь хиллачу зенан мах 300 миллион сом бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG