Къилбаседа Кавказерчу регионашна Кремло 3,7 миллиард сом кхачийна керла школаш ян, хаамбо REGNUM агенталло.
Министрийн кабинето шинарийдийнахь сайте даьккхинчу кехатца а догIуш, Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а, Къилбаседа ХIиричохь а, Нохчийчохь а, Ставрополан кIоштахь а 13 керла школа ян Iалашо ю.
Москоха деллачу ахчанан доккха дакъа кхаьчна Нохчийчоьнна - 1 миллиард 477 миллион сом.
Дагестанна 1 миллиард 204 миллион, Къилбаседа ХIиричоьнна 290 миллион, Ставрополна 307 миллион, ГIалгIайчоьнна 414 миллион сов.