ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къоман гварди йоькъуш ю шина декъе


Къилбаседа Кавказехь дIатардинчу Къоман гварди олучу тIеман дакъойн ницкъаш шина декъе боькъуш бу. Цу хьокъехь хаам бо Маршо Радионе Къоман гварди кхоллале дуьйна а Соьлжа гIалахь тIеман омранатехь гIуллакх деш волчу эпсаро.

Цо дийцарехь хIинцачул тIаьхьа гвардейцаш олучу эскархойн шиъ, (гIирс, коьчалла, мел оьшург дIаIалашйина) урхаллин база хир ю: цхьаъ хIинццалц санна Ростов гIалахь, шолгIаниг ХIирийн мехкан Мазалкехь. Иштта цу база-тушехь латтош хир ду тIаьхьалонна герз а, кхачанан сурсаташ а, АБТИ олучу автотарнспортана гIагI диллинчу техникана мел оьшу кIалкIозарш а.

Ростов гIалахь йолчу база-туьшехь кхачо йийр ю боху Волгоградехь, Идал хица Iуьллучу Аштаркхнехь, ахгIайре ГIирмин Севастопал гIала кхаччалц дIатардинчу Къоман Гвардин дакъошна. Мазалк гIалахь кхуллучу база-туьшан Iалашо ю ДегIастанахь, ХIирийчохь, Нохчийчохь,

Кабардахь дIатарбинчу гвардецашна мел оьшург латтор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG