ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Политковская Анна ен кхачийнарш лоьху Талламан комитето


Ницкъаллийн структурийн белхахоша «Росбалте» дийцарехь, «Новая газетан» журналист Политковская Анна ен тIедожийнарг лоьхуш, болх жигара баьккхина Талламан комитето.

Агенталлан хаамашца, дахначу кIиранах талламчаша масийтта стаг левина, шайлахь 2013-чу шарахь кхелхинчу бизнесхочун Березовский Борисан гонера стаг а цхьаьна.

"Тешо дийцина, еле хьалха Политковская Лондонехь Березовскийца цхьанакхетта хиларх. Цо дехнера журналисте цхьа могIа ша талламбина материалаш зорбане яхар. Политковская Аннина тоьшаллаш тоаме ца хийтира. Березовскийна новкъадеанера и, цо дийцаредора и шена халахетта хилар, тIаьхьо шен гонаца а ийгIира иза, Закаевца а цхьана. Цундела иза ен кхачийнарш и нах хила а тарло", - аьлла хета «Росбалтца» къамел динчу хьасташна.

Иштта цо бахарехь, оцу верси тIехь сецна яц Талламан комитет, цо кхи дIахьош бу шегара талламаш.

Герз тоьхна, йийна карийра Политковская Анна Москох, ша ехачу цIийнан лифта чохь. Хиллачу кхело иза ер дуьйзира, цо дуккха а шерашкахь Нохчийчоьхь тIом боьдуш, сецначул тIаьхьа а лелла харцонаш Iорайохуш йийцарца.

2006-чу шеран ГIадужу-беттан 7-чу дийнахь Москохь йийра «Новая газетан» корреспондент, бакъонашларъярхо Политковская Анна. 2014 -чу шарахь Москохарчу кхело Политсковская Анна ерна пхи стаг бехк тIебилларца кхеле озийра. Гайтукаев Лом-Iелина а, цуьнан йишин воIна Махмудов Рустамна а белла дIабовллалц набахтехь такха хан туьйхира.

Зуламна декъахь лоручу кхечу шина вешина МахмудовгIарна, ИбрахIимний, Джабраилний, милцо лаьттинчу Хаджикурбанов Сергейний 12, 14, 20 шераш хенаш кхайкхийра набахтехь яккха. Цул совнаха, суьдо 5 миллион сом Оьрсийн Iедале оъхьадиллийтира Политковская Аннин доьзална.

Нохчийн къомана дуккха а орцахйийлира ша дийна йолуш Политковская Анна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG