ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ахмат": Бакъ дац, студенташ шайн лаамехь боьлху футболе


«Ахмат» клубан куьйгалло тIе ца дитина, Соьлжа-ГIаларчу Ахмат-Арена футболан стадионехь хинйолчу матчашка студенташ нуьцIкъаша кхуьлуш бу аьлла, баьржина хаам.

«Кавказ.Реалии» портало оршотдийнахь яздира, хIора студентан билет тIехь гIентан лоьмар хир ю язйина, цунна шен меттиг билгалйоккхуш. Нагахь санна, футболан ловзаре и студент ца вагIахь, доьшийлера дIавакхха кхерам а бу аьлла.

"ГIучIа бу и, стадионера гIентийн лоьмарш студентийн билеташ тIехь язйина ю бохург. ХIун, тхан бахархошна футбол ца еза? Я уьш футболе шайн лаамехь ца оьху? НуьцIкъаша, гIаж етташ, вуьйгийла дуй цхьа а цалууче? ХIаъ, цкъа лохкур бу уьш, кхи дIа?", - аьлла, дIахьедина «Ахмат» клубан директора Айдамиров Ахьмада.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG