ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керлачу Энгенахь ша стаг верна мукIарло дина вахархочо


Кху Гезгамашин - беттан 17-чу дийнахь дуьйна а цIерачара лохуш хилла Гуьмсан кIоштан Керла-Энгана эвлара 38 шо долу вахархо Илисханов Зеламха вийна схьакарийна. Куьгбехкениг хилла еххачу хенахь цуьнан накъост лаьттина, оццу юьртара 41 шо долу Дудаев Зеламха.

Маршо Радионе полисхойн декъан белхахочо бинчу хаамца, коьртах диг а тоьхна вийначул тIаьхьа, цуьнан дакъа даго гIиртина бехкениг. Дийцарехь, цIерачара бина тIеIаткъам бахьнехь кху беттан 25-чохь дийнахь Iедална тIе а вахана, хилларг ма-дарра дIадийцина Дудаев Зеламхас.

Вер-ваккхар нисдаларан коьрта бахьана хуьлчух тера ду цабезам а, тIехбеттамаш бар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG