ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнна ахча ца тоьа аьлла Кадыровс


Нохчийчоьнна кхи а тIе дотацеш оьшу федералан бюджетера аьлла, дIахьедина Кадыров Рамзана шен Инстаграмерчу пена тIехь. Оьрсийчоьнан вице – премьерца Козак Дмитрийца шена хиллачу цхьанакхетарх дуьйцуш, яздина мехкан куьйгалхочо, махкахь бераш дар алсамдаьлла, иза а тидаме эца деза аьлла.

"Нохчийчохь бераш дуьненчу дийлар лаккхара хиларх дийцира ас. Цара тидаме эца деза и терахь шаьш бюджет вовшахтухуш. Дмитрий Николаевича чIагIо-м йина массо а агIор гIоьналла латтор ду аьлла", - яздина Кадыров Рамзана шен Инстагрмерчу агIон тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG