ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ФСБ-но бакъдо Умаров Доккин дакъа карийна хилар


Оьрсийчоьнан ФСБ-но тIечIагIдина ГIалгIайчохь карийна декъан чалх «Кавказан Имарат» тобан хиллачу лидеран Умаров Доккин хилар. «Интерфакс» агенталлан хаамашца, Умаровца цхьаьна карийна кхи а веа тIемалочун даьIахкаш.

Хьалхо Оьрсийчоьнан хьосташа дуьйцура, Умаровн дакъа карийначул тIаьхьа Москох экспертизе кхачийна аьлла. Талламан комитетерчу РБК агенталлан хьосто а бакъйинера и информаци.

10-зза сов дийцира хаамашкахь Умаров Доккин кхалхарх; 2013-чу шарахь Кадыров Рамзана дIахьедира иза вийна хиларх.

Цо бахарехь, ницкъаллийн структурийн белхахоша лерина операци дIахьочу хенахь вийнера Умаров. ТIаьхьо къайлахчу сервисаша а тIечIагIбира и хаам. Дакъа хIинццалц кароза дара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG