ТIекхочийла долу линкаш

Европехь бехачу нохчийн нанойн гIора ца тоьа, Шемара шайн бераш цIадерзо

Иракъехь а, Шемахь а бIеннашкахь Оьрсийчуьра а, Кавказера а зударий, бераш ду, ДаIиш тIемалой лийцинчул тIаьхьа я байъинчул тIаьхьа, я гIаланаш а юьтуш юхабевллачул тIаьхьа коалицин эскархоша лаца а лаьцна, лагершкахь латтош.

Царна юккъехь билгал маса нохчийн зуда я бераш ду билгал хууш дац, амма церан терахь, мел кIезга а, иттанашкахь хилар гойту Маршо Радионо бинчу талламо.

И зударий, шайн хIусамдайшца цхьаьна Шема дIабаханчохь бисина бу цхьаберш, вуьйжуш маренаш лоьхуш, Халипатехь иманехь дахар долор ду шаьш аьлла баханчахь бисина бу.

Цаьргахь массаьргахь аьлча санна карахь бераш ду, цхьаццаболчаьргахь тайп-тайпанчу къаьмнех болчу дайшна динарш а долуш.

Ройтерс агенталло хьастагIа зорбане даьхначу терахьашца, 1400 зудий, бер ду цхьана Иракъерчу лагерехь латтош. Уьш Мосул гIала ДаIишера схьаяьккхинчул тIаьхьа Пешмерга олучу кхурдойн тIемалошна карабаьхкина бу.

Карарчу хенахь Иракъера къайлах сервисаш и зударий муьлхачу къомах а, пачхьалкхашкара а бу къастош ю. Амма хIинцале хууш йолчу информацица, царех доккхах долу дакъа Туркойчуьрий, Оьрсийчуьрий, Юккъерчу Азерий ду бохуш чIагIдо агенталло, шайн корреспонденташа цу лагерерчу зударшца оьрсийн, французийн, туркойн меттанашкахь къамел дар а дуьйцуш.

Амма Иракъехь хилла а ца Iа ДаIишхойх бисина зударий, шайна юккъехь дуккха а нохчийн зударий а, бераш а долуш. Шемарчу цхьа могIа гIаланашкахь бу уьш, я официале лийцина лагершкахь, я левчкъина доларчу петаршкахь шайн кхолламе ладоьгIуш Iаш.

Иштта, масала, Маршо Радиоца Шемара зIене яьлла йолу кхаа беран нана ю беттанашкахь цхьана агIор ДаIишан айкханчех, вукху агIор ша лечкъина еха гIала схьаяьккхинчу туркойн эскархойх а ларлуш Iаш.

screenshot
screenshot

Цуьнан уггаре а боккха лаам бу, шен берашца юха а ша политикан тховкIелонца яьхначу Германе юха яха, амма цкъачунна и лаам кхочуш бан я гIирсаш а, я таронаш а яц цуьнан.

Австрехь ехаш йолчу Зубайраева Саждатин кIентан кIант а ву карарчу хенахь Шемахь шен ненаца. Саждатин кIант Нохчийчохь кхелхинчул тIаьхьа цуьнан цхьаъ бен воцу кIентан кIант а эцна, цхьанна а ша мича йоьду ца хоуьйтуш, Шема дIаяхана ДаIишах дIакхетта хилла цуьнан нус хилларг.

Масийта шо ду ша и кIант цигара схьаваккха гIерташ бохуш, дийцира Саждата Маршо Радионе.

Зубайраева: „Шен берал чIогIа деза кхоьллина ду берийн бер. Сан кIант кхалха а кхелхина, цунах висина цхьа кIентан кIант ву сан. Иза цуьнан нанас Шема дIавигар нисделла. Уьш мичахь бу а хиина суна, зIенехь а ю со цаьрца, амма тIе ца кхачало со цунна, сехьа а ца бахло соьга уьш.

Уьш оцу Шемарчу эскаро маьрша яьккхину меттехь бу уьш, уьш санна кхин а дуккхаъ зударий а бу цигахь. Мухха а делахь а, цхьанна а агIор уьш цигара сехьабохуш гIо дан йиш йолчара гIо дахьара аьлла дехар ду -кх сан кхузарчу Iедале а, бусалбачу нахе а“.

Саждат санна шайн гергарчара хууш а, ца хууш а доьзалхой Шема а, Иракъе а дIа а бигина, уьш лоьхуш, царна тIекхача а, уьш цIехьаберзо а сатуьйсуш дукха нах бу Европа мел ю, къаьстина дендай а, денаной а, кхин долу йиша-ваша а.

Иштта, Маршо Радион информацица, Германера, мел кIезга а, ворхI нохчийн къомах зуда ю шайн берашца Мосулана уллерчу лагерехь лаьцна латтош, Францерий, Австрера байъинчу нохчийн къомахчу тIемлойх бисинарш зударий а бу итт сов.

XS
SM
MD
LG