Кху Гезгамашин - беттан 27-чу дийнан суьйранна ворхIалгIачу сохьтехь некъахьовзамехь чоьхьарчу гIуллакхийн министараллин эпсар кхелхина Шелковск кIоштехь. Кхелхинарг ву 32 шо долу Загибов Гилани. И бохам нисбелла Ищери-ГIизлар гIала новкъахь. Полисхойн урхаллин хьостано Маршо Радиога бечу хаамца, шен белхан декхарш кхочушдеш нисделла низамхочун валар.
Некъа тIера дIа а яьлла цуьнан машен тIекIалйийларан бахьана толлуш бу говзанчаш.