ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евкуровс жоьпе ийзабо хIирий


Наркоманица къийсам латтош ду шаьш бохуш, вайнахана тIелатар дина Беслан гIалара бахархой жоьпе озабар тIедожийна ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека. Кхерамзаллан Кхеташонан секретарна Дзейтов Ахьмадна тIедиллина Евкуровс, Къилбаседа ХIиричуьрчу шен коллегашца цхьана а кхетта, талламаш дIабахьар оцу ситуацина гонах.

"Низам дохош, харцонаш лелайойтур яц цхьангге а, иза милла велахь а. ХIораммо а лардан дезаш ду низамаш", - аьлла гIалгIайн куьйгалхочо.

Масех де хьалха Бесланехь кегийрхойн тобано Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а кегийчу нехан машенаш а сецош, царна йиттина, ХIиричохь цара наркотикаш юхку бохуш, бехкаш а дохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG