ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Навальныйс гучубаьккхина тележурналистан Соловьевн бахам


Оьрсийчоьнан тележурналистан Соловьев Владимиран ара-чу цабаккхалучу бахамах видео Iораяьккхина Навальный Алексейс.

Оппозиционеро чагIдарехь, Москохарчу Iедалша гIо а лаьцна, 2004-чу шарахь лаххарчу мехах цо квартира эцна Оьрсийчоьнан коьртачу шахьаран юккъехь.

Цул совнах, Соловьевн долахь ду Подмосковьехь ирзу а, Италерчу Комо олучу Iомаистехь вилла а.

Коррупцица къийсам латточу Фондо хадийначу мехашца, тележурналистан берриг бахам бу миллиард соьмал а сов.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG