ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Читаев Рашид: "Шен бер лачкъа муха до?"..


Читаев Рашид шен шина йоIаца, 2017
Читаев Рашид шен шина йоIаца, 2017

Ялх шарахь хиллачу зудчо шена ца гойтуш, къайлаяьккхина шен ши йоI церан ненах лачкъийна, схьаялийна Нохчийчуьрчу вахархочо Читаев Рашида. Iедало лоьхуш ву иза.

Шен ши йоI Дагмара а, Рената а кху ялх шарахь ган йиш ца хилла Германехь вехачу Читаев Рашидан. КIира хьалха и бакъо луш сацам бинера Москохарчу кхело.

ХIетталц церан нанас, кхуьнан хиллачу зудчо, дуьхьалонаш йора цунна. ХIинца а иштта дара. Амма Читаев Рашидан каяьлла уьш мичахь ду а къастийна, шен бераш дIадига.

Бакъо шен каракхаьчча, хазахеташ дина цо и, цуьнах воккха а веш.

Амма полицино а, Талламан комитета а, берийн нанас арз дарна, бехкталламан гIуллакх долийна цунна дуьхьал, цо уьш лачкъийна аьлла.

Ша шен берашна хIинццалц тIе ца кхачийтарна, къайлах лелочу гIирсаца къастийна уьш беха меттиг, аьлла дийцира Маршо Радиога Читаев Рашида.

Читаев: "Иза ца дича йиш яцара. Кхелан сацам боллушехь, Москох дIа а йигина, и шиъ соьх къайлаяьхнера.

Ас Iедале арз дича, соьх бийла а буьйлуш, Iара уьш. Ас кхин дан хIума ца хилла, GPS-треккер машенна тIе а латийна лийхира уьш мичахь бу.

Цул тIаьхьа кетIа а вахана, ши йоI схьа а эцна, меллаша схьавеара-кх со".

Ша мичахь ву олуш дац Читаев Рашида. ХIара мел долу къамел цо Ватс апехула схьадаийтина. Шена дIакхайкхо лаьа боху цо, шен бераш ша лачкъийна доцийла, аьлла кхин дIа а дийцира цо.

Читаев: "Суна цара иза хIунда дуьйцу ца хаьа. Шен бераш муха лачкъадо стага? Журналисташ бу бохучу наха-м хIетте а. Цу тIе Талламан комитетан векало а дуьйцу иза. Ас юха а боху шен бер лачкъадойла яц стеган. Нехан хIума бен лачкъа ца йо".

Читаев Рашидан а, цуьнан хиллачу зудчунна Третьякова Татьянин юкъахь 5 бер ду. ДIасакъаьстинчу хенахь зуда Германера Москох цIаяхна бераш а эцна. Ша уьш цуьнца дуьтур а дара, амма иза керстан цхьана секте юкъа а яхна, берийн синкхетам хIаллакх беш хилла, элира цо.

Читаев: "Со тахана берийн психологна тIевахна. Уьш со волчу схьабаьхкича цара мел дийцинчо со цецваьккхина. Уьш цхьана керстан секте дигина хилла. Инзаре хIуманаш ду цара дуьйцурцш. Цундела бигинера ас уьш психологна тIе. Царна дарбанан цхьа курс язйина".

Читаев Рашид хIара къамел дечу хенахь шен шина йоIаца берийн атракционашкахь волчух тера дара.

Царах цхьаанца, тIе а кхайкхина, къамел дайтира цо.

Читаева: "ХIара сан да ву. Ас сайне нене хIун эра дара хьуна аьлча….. суна-м ца хаьа ас цуьнга хIун эра дара".

Хууш дац, стенгахь ву а, я хIун Iалашо ю а кхи дIа Читаев Рашидан.

Амма цунна коьртаниг - шен доьзал зенех ларбар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG