ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Белоруссино Нохчийчоьне дIавеллачу кIантах хилларг хууш дац


Ночийчоьнан вахархо Саламов Iимран, низамаша а хьошуш, пачхьалкхера араваьккхина хилар бакъхиларх а, меттигерчу мигрантийн гIуллакхашкахула йолчу хьукматан декъан белхахошна дисциплинаран гIуллакх дуьхьал даьккхийнийла а хоуьйтуш, Брестан прокуратурера жоп деана еарийдийнахь Human Constanta бакъонашларъяран организацина.

Беларусехь мухIажиран статус ехнера Саламовс, Нохчийчохь масийттазза дIавигина, тIехь Iазап латтийна шена, цундела вада дезнера шен даймахкара аьллера. Цуьнан гIуллакх толлучу юкъанна депортаци ца еш, сацийнера иза. Цул совнаха, нуьцкъаша Белоруссин Iедало Оьрсийчоьне дIавала хьийзош ву ша аьлла латкъам а бинера цо.

Бутт хьалха Брестерчу Ленинан кIоштан кхело Саламовн арз тергал ца динера

Цуьнан адвоката дийцарехь, Нохчийчоьне дIавелла Iимран цуьнан гергарчарна кху беттан 11-чу дийнахь цкъа бен гина вац. ХIетахь дуьйна цунах хилларг цхьанна а хууш дац, адвокаташ тIе а ца буьту цунна.

Орцахъяьллачу Amnesty International организацино дуьненаюкъара кампани йолийна Саламовн гIо кхачорхьама, Белоруссин бакъонашларъярхой а дIакхетта царех.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG