Нохчашлахь керла дац цхьацца бахьанашца наноша лазарнешкахь, берийн хIусамашкахь, кетIахь, урамашкахь тесна дитина бераш доладахар. Лехамаш бича гучудолу оцу могIарера масалш гуттар хьалха а, карарчу хенахь а карадар.
Иштачех цхьаъ ву тхан турпалхо а. Иза, вайнахалахь олуш ма хиллара «валийна» кхаьбна ву, дохийна къам Сибрехахь долуш, ван ма виннехь, нанас «хIан-хIа» аларций, дарбанан цIийнера схьа а валийна, долаваьккхина а ву.
Цхьаболчара дийцарехь, воккха хиллачул тIаьхьа и вина нана цуьнан лорх а кхиъна, кхо цунна гIо деш юкъаметтигаш а лелийна.
Бакъду, берийн бераш а долуш 60 шо сов хан йолчу сан турпалхочунна лаъане а ца лиира вина нана а, ша валийна хилар а хьехадойла.
Цундела оха Расул аьлла, хийцина йоккху цуьнан цIе а. Тахана иза цхьана кIоштехь мировой судья олучу машаречу суьдхочун даржехь къахьоьгуш ву, ткъе итт шарахь сов ницкъаллин структурашкахь белхаш бинчул тIаьхьа. Бераллера, мацах цкъа яханчу хенера схьа доладелира тхан къамел.
Расул: "Дахаран некъ со реза а волуш нисбелла. Жимчохь дуьйна а дас, нанас кхетош кхиа а вина, цхьа хаарш, Iилма а делла, схьавеъна со. Яханчу хена хьокъехь дохковала меттиг са-м ца хилла. Бераш а кхиъна, церан бераш а дебна. Сибрехара цIадахкарций хIара керт эцна сан дас. Цу хенахь дуьйна кхузахь дехаш ду-кх тхо".
Адамана дагадогIур дац соьца къамел деш волчу Расулан кхоллам кхечарех тера ца хилла ала. Стенна аьлча, адамаллех, къинхетамах вуьзина, нах синтеме а, ирсе а гича, доза а доцуш хьаам хуьлуш вехачех цхьаъ ву Расул.
Иза шеко а ца юьтуш гучудолу цо шен таханлерчу мировой олучу, маслаIат дечу машаречу суьдхочо балхах дуьйцуш. Вайнехан юкъараллехь мел оьшуш, мел схьаехна хета хьуна и кхел аьлча, цо дийцира.
Расул: "Къаьсттина и кхел вайнехан юкъараллехь оьшу аьлла хета суна-м. Тахана дукха нахана нийсо, бакъо толийтарехь ца хилча ца йолуш, дика гIортор ю аьлла хета суна-м машаре кхел. Къовсаме хеттарш дукха кхоллало Iар-дахарехь. Iотта-баккхаме меттиг нисьелча, низамо ма-хьоьхху нийсо ян елча, латкъам беш веънарг резаван каяьлча кхаъ хуьлу".
Маршо Радио: Бакъо толийта, и дахаре ерзо ницкъ кхочий шу, новкъарло-м ца хуьлу шуна?
Расул: "99% ницкъ кхочу. Деллахь кхочу-кх. Хийла меттигаш нисьелла тхуна тIевеънарг «хьажахь, ишта хилла-кх хIара» аьлла, баркаллаш а бохуш дIавоьдуш".
Маршо Радио: Хьехархочунна дика урок яларх кхаъ хуьлу, журналистана ша дика репортаж йича хьаам хуьлу. Хьан балхаца уггаре а хьуна хьааме хетарг хIун ду?
Расул: "Хьуна бакъдерг дезахь, масала, да-нана къаьсташ ду. Берийн бехк ма баций доьзал бохар. Церан ма ду уггар хьалха къа! Мухха бина а цхьана агIор, цхьана кепара барт ийгIинчу шина юкъахь маслаIат дан хьан хьуьнар тоьъча, и бу-кх суна вуно чIогIа хьаам а, синтем а".
Волчеран цхьаъ бен воцуш кхиъна Расул тахана бакълена а воккхавоь, шех гIортор а йина, ша чIагIо а, дегайовхо а хеташ дIакхелхинчу, ша кхиийначу дений, нанний бIо ца къажош, майрра дуьхьалхIотта шен йиш йолуш.