ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Каталонехь полицина а, бахархошна а юкъахь тасадаларш хилла


Испанех дIакъаста лууш референдум йолийна Каталонехь. Испанин Iедалша низамаш дохадо аьлла, новкъарлонаш йо референдум дIаяхьарехь. Барселонерчу харжамхойн дакъошкахь еха раьгIнаш хIиттина кхаж таса схьататтабеллачу бахархойн.

Испанин чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан хаамашца, де хьалха полицин аьтто хилла кхаж таса ехкина дуккха а каппаш дIакъовла. КIирандийнахь дилллинчу дакъошкахь вовшахтасадаларш хилла полицина а, харжамашка баьхкинчу бахархошна а юкъахь.

Дийцарехь, полисхоша гIишлош чу нах ца кхочуьйтуш, церан карара схьадоху бюллетенеш. Испанин Лакхарчу кхело юкъаралаллан гIишлошкахь харжамаш дIабахьар дихкина.

Барселоне чуоьзна совнах иттанашкахь эзарнашкахь полисхой. Каталонин Iедало кхойкху бахархой кхажтаса.

Барселонан мэро Колау Адас Евроберте доьху Каталонин статусан хаттар дерзорехь юкъаралхо хилар, референдум мухха жамIашца ерзахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG