ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн спортхочунна тIелатар дина Петарбухахь


Петарбухарчу Московский олучу кIоштахь цхьана ресторана хьалха кегийрхойн тобано йитттина ММА-н латархочунна, Оьрсийчоьнан грэпплинган чемпионна Вахаев Iумарна. ТАССС агенталлан хаамашца, шоьтан буса хилла и инцидент.

Ютубехь яржийнчу видео тIехь къаьсташ ду, юкъаметтигаш къасточу хенахь Вахаевна тIегIерта 4 стагах лаьтта тоба. Царах къаьхкина кIегар оьхуш гуш ву Вахаев, делахь а тIелатархо шена герга кхаьчча, дуьхьало йо цо.

https://youtu.be/78Rpn1Pnz3s

ТIелеттарг цхьанна ханна вужий, лаьттахь Iуьллу. Шайн накъостна гIо а лоций, юха а Вахаев волчу агIор дIахьовду тIелатархой. Циггахь хеда видео. Вахаевна еттар а, герз кхийсар а кадрал арахьа дисина. Болчу хаамашца, 31 шо долчу цхьанна травматикан герзан чов йина, шолгIа 25 шо дерг жимма лазийна висина.

Тергамчаша дийцарехь, самукъадоккхучу клубера араваьлла Вахаев машенаш лаьттачу паркинге воьдучу заманчохь, цунна тIевеана ши жимстаг. Эххар а церан дар-дацар даьлла, латарца дIа а доьрзуш.

«Красноярскан хаамаш» газетано яздарехь, кегийрхой леттачу меттиге 15 полисхойн машен а кхаьчнера, ши медицинан сиха гIо кхачо машен а.

Иштта оцу хаамийн гIирсо бахарехь, латале хьалха Вахаевс травматикан герз тоьхна хилла шена чугIертачун некха юккъе.

Бехкенаш полицин декъехь бу, гIуллакх ма-дарра талла а долийна.

Вахаев Iумаран 25 шо ду. Оьрсийчоьнан грэпплинган чемпион а ву иза, ишта ММА-н латархо а ву. 2013-2014-чу а шерашкахь 4-зза толамаш баьхна цо кеп-кепарчу латаршкахь. ТIаьххьтрчу хенахь Петарбухахь ваха хиинера иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG