КIирандийнахь Дагестанерчу Бабай-Юртан а, Кизил-Юртан а кIошташкахь контртерроран операцин раж кхайкхийна (КТО) аьлла, хаамбина «Кавказ.Реалии» портале республикерчу хьасташа.
Мехкан оперативан штабан хаамашца, билгалъяьхначу меттигашкахь гIаттамхой лоьхуш юкъаяьккхина и раж.
«Кавказ.Реалиига» полисхойн декъерчу хьосташна бахарехь, контртерроран раж юкъаяккхар доьзна ду, шоьтадийнахь Кизляран кIоштахь полицин инспекторна динчу тIелатарца.