ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

 “Беркат” базарахь зе хиллачарна компенсаци лур яц


Соьлж-ГIала -- "Беркат" махкбаран центр, Маршо Радион архивера сурт.
Соьлж-ГIала -- "Беркат" махкбаран центр, Маршо Радион архивера сурт.

Соьлж-ГIалахь «Беркат» базарахь, цIе ялар бахьана долуш, зе хиллачу наха латкъамаш бо, шайна компенсаци ца ло бохуш. «Кавказский узело» дийцарехь, дIабаханчу беттан 28-чу дийнахь цу базарахь махкабаран меттигаш латтошчу нахаца цхьаьнакхетта цуьнан куьйгалхой. Эшам хиллачу нахе аьлла, керлачу павильонехь царна меттигаш лур ю, амма компенсаци лойла дац аьлла.

Яьгначу павильонан керла гIишло ян меттиг дIацIанйина белхалоша.

Маршо Радионо хаам бина ма хиллара, шо а дацара Соьлж-ГIалара "Беркат" базарх цIе яьлла а, бIеннашна йохкаэцархошна зен хилла а. ДIаяханчу еарийн буса юха а цIеяьлла базарх. Дукха нехан даьгна рицкъ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG