ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полицино Венехь лаьцна ши нохчо, ши овхIанхо а


Австри -- Венера полици, Маршо Радион архивера сурт.
Австри -- Венера полици, Маршо Радион архивера сурт.

КIирандийнахь Австрин коьртачу гIалахь Венехь латаршкахь цхьа стаг верна, кхин цхьаъ лазорна шеконца лаьцна ши нохчо, ши овхIанхо. Полицино бинчу хаамца, мукъачудийнахь Iуьйранна сахуьлуш Талиаштрассе олучу метро социйлехь цу веанна дов даьлла хилла Болгарерий, Серберий орамаш долчу шина жима стагаца.

Полицин векалща Маршо Радионе дийцийцина ма хиллара, цу латарехь цхьана нохчочо урс диттина сербхочун а, болгархочун а. Сербхо шена йиначу чевнех лоьрийн цIийнехь кхелхина. Болгархо оццу лоьрийн цIийнехь кIелвисинчу хьолехь ву.

Оцу буьйсана дукха хан ялале Iоттбаккхам хиллачу меттигана генабоцуш лецна полисхоша куьгбехке лоруш берш. Шаьш динчун мукIарло цара динехь а, девнан бахьанаш цара цкьачун дийцина дац аьлла, хаам бина полицино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG