ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ВЦИОМ: Сталина заманахь «бехке боцучу» наха репрессеш лайна аьлла, хета ах сов Оьрсийчуьрчу бахархошна


Оьрсийчоь -- ХIара хIоллам схьабиллина дукха хан йоцуш Москох. Маршо Радион архивера сурт.
Оьрсийчоь -- ХIара хIоллам схьабиллина дукха хан йоцуш Москох. Маршо Радион архивера сурт.

Сталинан Иосифан заманахь репрессеш лайна хилла «бехке боцучу наха» аьлла, хета ах сов Оьрсийчуьрчу бахархошна. Иза гойтуш ду Оьрсийчуьра юкъараллана хетарг толлучу центро (ВЦИОМ) бинчу талламан жамIаш.

75 процент наха дIахьедар дина, шайна хууш ду Советан пачхьалкхехь дIадаханчу бIешеран 30-40-чу шерашкахь политикан бух болуш адамаш хьийзина хилар аьлла. 53 процент ВЦИОМ-ан респонденташна хетарехь, цу репрессешкахь зен хилла «бехке боцучу нахана».

Цу талламехь дакъалаьцначу 41 процент нахана хетарехь, адамаш хьийзош хилла, церан бакъонаш а йохош, кхел а, таллам а ца беш. 18 проценто аьлла, репрессеш яр нийса дацара аьлла.

Кхушеран Стигалкъекъа-баттахь «Левада-центро» шен талламан жамIаш зорбане дехира, оццу хаттарехула долу. Цаьрца а догIуш, тIаьхьарчу 5 шарахь 51 процента тIера 39 процентана тIекхаччалц лахделла Сталинан репрессеш зулам хетачу нехан терахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG