ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркан керла векал дIакхаьчна Москох


ДIадаханчу еариндийнахь Цхьаьнатоьхначу Штатийн Сенато Iамеркан Оьрсийчохь волчу векалан даржехь чIагIвира Юта штатан губернатор хилла ХIантсман Джон.
ДIадаханчу еариндийнахь Цхьаьнатоьхначу Штатийн Сенато Iамеркан Оьрсийчохь волчу векалан даржехь чIагIвира Юта штатан губернатор хилла ХIантсман Джон.

Iамеркан Москох йолчу векалаллан зорбанан секретаро Олсон Марияс шен твиттерехь яздина: Марша догIийла Оьрсийчу, векал ХIантсман а цуьнан хIусамнана а. ДIадаханчу еариндийнахь Цхьаьнатоьхначу Штатийн Сенато Iамеркан Оьрсийчохь волчу векалан даржехь чIагIйира Юта штатан губернатор хиллачу ХIантсман Джонан кандидатура.

Iамеркан Москох волу керла векал оццу даржехь болх бина ву Сингапурехь а, Китайхь а. 2012-чу шарахь иза дакъалаца гIерташ вара Iамеркан президентан харжамашкахь.

ХIантсманан доьзалан долахь ю Оьрсийчоьнца коммерцин уьйраш йолу химин завод. Оьрсийчохь иза хьалха хилла ву бизнесхо санна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG