ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Каталони йозуш йоцуш хиларехьа кхаж тесна 90 процент меттигерчу бахархоша


Каталони. Маршо Радион архивера сурт.
Каталони. Маршо Радион архивера сурт.

Испанерчу Каталонехь кIирандийнахь хиллачу референдумехь 90 прцент меттигерчу бахархоша кхаж тесна и кIошта йозуш йоцуш хиларехьа. Цунах лаьцна зорбанан конференцехь дIахьедар дина Каталонин Iедалан векало Турулл Жорди-с, хаам бо Reuters.

Цо дийцарехь, референдумехь дакъалаьцна 2,3 миллион вахархочо. Царах 2 миллионо кхаж тесна Каталони Испанех дIакъастарехьа. 176 эзар стаг дуьхьал хилла.

Каталонин Iедалан куьйгалхочо Пучдемон Карлеса хьалхо дIахьедар дира, цу регионан бахархошна бакъо йогIуш ю, шайн йозуш йоцу пачхьалкха кхолла аьлла. Цо дийцарехь, кхаж тасар нийсонца дIадаьхьна ду. Гергарчу хенахь цуьнан жамIаш парламенте дIадала дагахь ду Каталонин Iедал.

Испанин премьеро Мариано Рахойс дIахьедар дина, Каталонехь «цхьа а референдум хилла яц, амма цигахь моттаргIанаш лелийна" аьлла. Рахойс дийцарехь, Каталонехь адамашна ницкъ барна бехке ду цу автономин Iедал. ТIаьххьара болчу хаамашца, тасадаларшкахь лазийна 844 стаг. Хьалхо Маршо Радионо хаам бинера лазийнарг 400 сов стаг ву аьлла.

Испанин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамца, лазийна ву 12 полисхо. Каталонин Iедалша дехар дина Евробарте, шайн махкахь хуьлучун юкъагIортахьара аьлла.

Каталони йозуш йоцуш хиларах лаьцна референдум хилла ГIадужу-беттан 1-чу дийнахь. Мадридо дош деллера, шаьш иза хуьлуьйтур яц аьлла. Испанин Конституцин кхело сацам бинера референдум бакъонца яц аьлла. Хьалхо хаамаш баьржинера, 200 сов харжаман кьупах полицино 300 сов дIачIаьгIнера аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG