ТIекхочийла долу линкаш

Гуьржийчуьрчу хьастано бинчу хаамца, ПIаьнгазара кхин а цхьа нохчи вийна Шемахь. Иза ву 18 шо долу Куштанашвили Муслим. Муьлхачу хьелашкахь иза кхелхина хууш дац. Жима стаг ДАIИШ тобанах дIакхетта хилла шен 16 шо долуш, 10 классехь доьшуш волчу хенахь.

Куштанашвили Муслим 25-гIа нохчи ву, ПIаьнгазара Шемахь вийна волу Кхушарахь Стигалкъекъа-баттахь вийнера тIаьххьарниг -- Багакашвили Мохьмад.

Болчу хаамца, тезет хIоьттина Куштанашвили ваьхначу Думастури юьртахь.

XS
SM
MD
LG