ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь ша шена тIе куьг даьхьна 15 шо долчу кхиазхочо


Маршо Радион архивера сурт.
Маршо Радион архивера сурт.

Ирх а оллавелла, 15 шо бен хан йоцу кхиазхо велла Теркйист кIоштан ЧIулга юьртахь. Ша шена тIе куьг даьхьнарг ву Гагарина урамехь вехаш хилла 9-чу классан дешархо Курманов Адам.

Гезгамашин-беттан тIаьххьарчу дийнан буьйсанна нисбелла и бохам. Шайн цIана тIехьа долчу рагIу кIеллахь, дукъохь муш а тесна, нисйина кхиазхочо и бохаме меттиг.

Кху ГIадужучу-беттан 1-чу дийнахь, веллачун дакъа Соьлж-ГIала а даьхьна зераш динчул тIаьхьа, Iедалхоша оццу дийнахь делкъал тIаьхьа иза, схьа а делла, лаьтте дерзина.

Бехктакхаман гIуллакх ца долийна Iедалша, кхиазхо шен лаамехь велла аьлла. Цо иза даран бахьана, цу бесса иза холчахIоттийнарг хIун ду хууш дац. Лулахоша дийцарехь, дуьххьара цу кIантана тIекхаьчнарг ю цуьнан нана. Ненаваша кхелхина сагIа даккха кечлуш гергарнаш а болуш бина кIанта и болх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG