ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхело сацам бийр бу Оьрсийчоьнан Турпалхо вер хьокъехь


Оьрсийчоь -- Полисхо Нурбагандов вуьйш дакъалаьцарна бехке веш волу Бекболатов Артур ву Ростох суьдехь, ГIад. 3, 2017
Оьрсийчоь -- Полисхо Нурбагандов вуьйш дакъалаьцарна бехке веш волу Бекболатов Артур ву Ростох суьдехь, ГIад. 3, 2017

Къилбаседа Кавказерчу тIеман кхело Ростох шен сацам бовзуьйтур бу тахана 20 шо долчу Дагестанерчу вахархочун Бекболатов Артуран гIуллакхехула. Иза бехке веш ву цу республикан Сергокалинскан кIоштахь полисхо вуьйш дакъалацарна.

Талламхоша чIагIдарехь, стохка Товбеца-беттан 10-чу дийнахь ши жима стаг а, кхо дешархо а Сергокала эвлан гергахь лаьмнашка вахана хилла садаIа. Сарахь цу тобан тIеIоттаелла герзаца хиллачу нехан тоба, шен коьртехь Халимбеков Мохьмад а волуш.

Цу нахана юкъахь дов иккхина. Герзаца хиллачу цхьана стага мийра тоьхна хилла 10 долчу кIантана. Цу кIантана тIехIоьттина цуьнан 23 шо долу ваша Нурбагандов Iабдурашид. Амма тIемалоша гез тоьхна вийна иза.

Биснарг тIергашца дIабихкина цара. Закъалтхошна юкъахь хилла 31 шо долу полицин лейтенант Нурбагандов Мохьмад. Иза хьуьнха а вигина, видео а йоккхуш, герз тоьхна вийна зуламхоша.

Нурбагандовна Оьрсийчоьнан Турпалхочун цIе тиллира, иза кхелхинчул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG