ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчу зуда яло воьдуш ву Бурятерчу коммунистийн хьалханчан кIант


Маршо Радион архивера сурт.
Маршо Радион архивера сурт.

Юсуп тIеэцна кIант ву Бурятерчу коммунистийн лидеран Мархаев Вячеславан. Кху деношкахь иза доьзал кхолла дагахь ву, Нохчийчуьрчу боксан тобан коьртачу тренеран Мусхаджиев Рамзанан йоI а ялийна. Цунах лаьцна яздо «Информ Полис" олучу Бурятерчу газето.

Мархаев журналисташка бинчу хаамца, гергарчу хенахь Нохчийчохь ловзар дан дагахь ву иза а, Бурятера «омонхой» а.

Мархаев Бурятерчу ОМОН-ан куьйгалхо хилла ву Нохчийчохь тIом боьдуш. Цигара дIавигина цо 10 шо долу Юсуп, цуьнан нана реза а хилла, ша Буряте цIа воьдуш.

Кху тIаьхьарчу шерашкахь Мархаев Юсуп мосуьйттоза хилла Нохчийчохь шен нана йолчехь. Цуьнан ловзар хир ду кху беттан 1-чу дийнахь Соьлж-ГIалахь, яздо «Информ Полисо".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG