ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полицино лоьхуш хилла Читаев Рашид лаьцна Москох


Читаев Рашид шен йоьIаца. Маршо Радион архивера сурт.
Читаев Рашид шен йоьIаца. Маршо Радион архивера сурт.

Москох полицино лаьцна Германера вахархо Читаев Рашид. Иза бехке вина ши кIира хьалха шен ши бер лачкъорна. Читаев лаьцна, и дов гена а ца доккхуш, барт байта аьлла берийн ненаца иза цхьаьанакхета веанчохь. Цкъачунна цуьнга бехк кховдина бац полицино.

Бераш лачкъийна аьлла лехаршкахь вара Читаев, ден бакъонаш цуьнгара кхело дIаяьхна хилар бухе а диллина. Амма иза бух боцуш хилла. Кхело бакъо елла хилла Читаевна, бераш шена луучу хенахь ган.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG