ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчохь вевзина ДАIИШ-о Шемахь йийсаре лаьцна стаг (видео)


Шема -- ДАIИШ-ан Оьрсийчуьра тутмакхаш, YouTube скриншот.

«Боевое братство» олучу вовшахтохараллан Домодедово гIаларчу декъашхошна вевзина Шемахь "Исламан пачхьалкх" тобанера тIемалоша йийсаре лаьцна волу Москох кIоштара вахархо Григорий Цуркану (Сурканов). Цара дийцарехь, Цуркану тIемашкахь дакъалаьцна ву Шемахь а, Югославехь а.

Шинаридийнахь «Исламан пачхьалкх» (ДАIИШ) олучу тобанца йоьзначу «Амак» агенталло зорбане яьккхина Шемахь йийсаре лецна «Оьрсийчуьра бахархой» тIехь болу видео. Цу тIехь волчу шина стагах цхьаммо боху, ша Заболотный Роман ву, шолгIачу стеган цIе йоккху цо, иза Сурканов Григорий ву олий. Церан яьххьаш тIехь ларш ю, царна йиттина хиларан.

XS
SM
MD
LG