ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Керстанийн пачхьалкхо» шен Iаьржачу цIейозана юкъатоьхна Кадыров


Поклонская Наталья, Кадыров Рамзан, коллаж.
Поклонская Наталья, Кадыров Рамзан, коллаж.

"Керстанийн пачхьалкх" «Христианское государство Святая Русь» олучу тобано шен мостагIашна юкъатоьхна Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, хаам бо «Московский комсомолец» газето. Цу зорбанан гIирсо дийцарехь, иза хилла Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутатана Поклонская Натальяна Кадыровс гIортор йинчул тIаьхьа.

ДIадаханчу шинариндийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен телеграмехь йоза дитинера, Поклонскаяна гIортор еш, и санна адамаш бахьана долуш «даймохк ларбо вай» аьлла.

Хьалхо Поклонскаяс латкъам бинера прокуратуре «Керстанийн пачхьалкх» тобан декъашхой экстремисташ бу аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG