ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Депардьен петар йолуш ю Соьлж-ГIалахь


Депардье Жерар.
Депардье Жерар.

Депардье Жерарера Соьлж-ГIалара петар дIаяьккхина бохург бакъ дац, боху актеран векало продюсеро Фрилле Арнос, хаам бо Дождь телеканало.

Хьалхо Депардьегара иза даяьккхина аьлла хаамаш баьржинера, Пайхамарна карикатураш зорбане яьхначу Шарли Эбдо журналана цо гIортор яр бахьана долуш.

Фриллес дийцарехь, Депардьен дика юкъаметтигаш ю Нохчийчоьнан куьйгалхошца.

Маршо Радионо дийцина ма хиллара, Депардьена петар еллера Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Грозный-Ситехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG