ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалахь даздеш ду и гIала йиллина де


199 доьзал кхуллуш церемони хир ю Соьлж-ГIалахь иза кхоьллина де даздеш. Цул сов, Нохчийчоьнан коьртачу гIалахь схьайоьллура ю керла сквер а, хьешан хIусам а, хир ю Шанан гIала-хIусаман чхо ян йолоран церемони а, хаам бо мэрин зорбанан сервисо.

Цул сов, Соьлж-ГIалан юккъерчу майданахь схьайоьллур ю нохчийн къоман дахар гойтуш йолу этноюрт, хир бу юьртабахаман а, сурташдахкархойн а гайтамаш а, ткъа иштта концерташ а, мотошоу а.

Соьлж-ГIала йиллина лоруш ю 1818-гIачу шарахь. Оцу шарахь Соьлжан бердаца йиллина лоруш ю «Грозная» олу гIап.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG