ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Таллам бича Улюкаевгахь карийна 500 эзар доллар а, кепа тоьхна деши а


Москох Замоскворецкийн кIоштан кхелехь луьстуш ду Оьрсийчоьнан экономикан кхиаран министр хиллачу Улюкаев Алексейн бехктакхаман гIуллакх. Прокурораша довзийтира кхелехь Улюкаевн кабинета чохь а, хIусамехь а талламаш бинчул тIаьхьа талламхоша хIоттийна кехат.

Цуьнца а догIуш, хиллачу министран кабинета чохь карийна "Роснефть" компаница доьзна документаш. Цуьнан сейфан чохь карийна 250 эзар доллар а, кхин долу а валюта. Цул сов цу чохь хилла кепа тоьхна деши а, "История денежного обращения России" коллекцин дашо ахча а, шайна юкъахь 25 эзар сом барам болу кхо кила сов йозалла йолу дашо ахча а долуш.

Цигахь иштта хилла масийтта куьйгах доьхку сахьт а, цхьацца кечлуш ухку хIуманаш а.

Улюкаевн цIера талламхоша дIаяьхьна компьютер а, хаам тIехь латто картанаш а, ткъа иштта 300 эзар доллар ахча а. Талламхошна гучудаьлла Улюкаевс банкашкахь латтош 2 миллион сов доллар мах болу тайп-тайпана валюта хилар а.

РогIера кхелан кхеташо хир ю кху беттан 12-чу дийнахь.

Маршо Радионо дийцина ма хиллара, Улюкаев лецира стохка Лахьан-баттахь 2 миллион доллар кхаъ оьцуш. Цунна бехке диллинарг ду «Роснефть» компанин векалшна кхерамаш туьйсуш ахча даккха гIертар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG