ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Небесна Сотня» турпалхойн мемориал йохийна стаг лаьцна Киевехь


Украина -- «Небесна Сотня» турпалхойн мемориал, Киев, 2017.

Цунах лаьцна хаам бина Фейсбукехь Украинин чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьехамчо Шкиряк Зоряна. Цо дийцарехь, и зулам дарна лаьцна ву 43 шо долу Севастополан вахархо. Цу стага иза хIунда дина хууш дац.

2014-чу шарахь Чиллан-беттан 18-22-чу деношкахь милцоша герзаш диттина вийра 100 сов стаг. Кхелхинарш дакъалоцуш бара Киевехь Iедална дуьхьал хиллачу политикан акцешкахь (Майдан). И акцеш дIайирзира президент Янукович Виктор махкара вадарца.

Майданехь кхелхина турпалхой дагалоцуш акцеш хуьлу Украинехь хIора шарахь. Церан ларам беш мемориалан пилтанаш ю хIиттийна Киевехь Майдана гергахь Институтски урамехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG