ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ши машен дуьхь-дуьхьал кхетта 5 стаг вийна Нохчийчохь


Маршо Радион архивера сурт.
Маршо Радион архивера сурт.

Бохам хилла Хьалха-Мартан кIоштахь, ГихтIара ВаларгтIе боьдучу новкъахь. Нохчийчуьрчу некъан полицино (ГИБДД) бинчу хаамца, дуьхь-дуьхьал кхетта ВАЗ-21099 а, "Тойота Камри" а машенаш.

Болчу хаамца, ВАЗ машен чохь хилла виъ стаг велла оццу маьIаьргон. Тойотана урхалла деш хилла стаг велла дарбанан цIанехь.

Полицино толлуш ду хилларг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG