ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Испанин Конституцин кхело кхеташо дIаяхьар дихкина Каталонин парламентана


Испани -- Барселона, ГIад. 3, 2017
Испани -- Барселона, ГIад. 3, 2017

Испанин Конституцин кхело дихкина Каталонин парламентана ГIадужу-беттан 9-чу дийнахь кхеташо дIаяхьар. Цу дийнахь шайн мокх бозуш боцуш хиларх лаьцна дIакхайхко дагахь ду Каталонин Iедалш.

Еариндийнахь хьалхо Испанин премьеро Рахой Марианос кхайкхам бира Каталонин Iедалшка, доккха зулам ца хилийта назам лардеш юхадовла, автономи йозуш йоцуш хилар дIа а ца кхайкхош аьлла.

Кхаариндийнахь Испанин паччахьо Фелипе VI-чо бехке дира Каталонин Iедалш, демократин кепаш йохорна а, регион йозуш йоцуш хилийтарехьа референдум а йина, юкъаралла екъарна а.

Телевизионехула вистхуьлуш, паччахьо дIахьедар дира, Испани цхьаъ хила еза аьлла. Цо билгалдаьккхира, референдум вовшахтоьхначу наха ерриг пачхьалкхара хьал карзахдаьккхина хилар.

Цуьнца цхьаьна Фелипе VI-чо билгалдаьккхира ша кхеташ хилар, Каталонин бахархойн синтембарах, Испанин Iедалша ницкъах пайда эцар бахьана долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG