ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Интерфакс": Оьрсийчохь ца оьшучех лара мегаш бу масийтта Iамеркан зорбанан гIирс


 "Iамеркан аз".
"Iамеркан аз".

Оьрсийчоьнан инарлан прокуратура некъаш лохуш ю Оьрсийчохь «ца оьшучех» лара Iамеркан цхьамогIа зорбанан гIирсаш. Цунах лаьцна хаам бина «Интерфакс» агенттало, хьа хуучу хьасташна тIе а тевжаш.

Буьйцурш муьлха зорбанан гIирсаш бу хьехош дац. «Интерфаксо» дийцарехь, инарлан прокуратура а, кхин йолу леррина сервисаш а и хаттар талла йолаелла, кху беттан 5-чу дийнахь пачхьалкхан суверенитет ларъярехула йолчу Федерацин Кхеташонан комиссин кхеташо хиллачул тIаьхьа.

Цу кхеташонехь дийцаре деш дара Iамеркан Iедалша шайн махкахь болх бечу Оьрсийчоьнан зорбанийн гIирсашна Iаткъам бар а, ткъа иштта Iамеркан зорбанан гIирсаша Оьрсийчохь болх бар а.

Кхушеран Стигалкъекъа-баттахь «Цхьааллин Оьрсийчоь» партино бехке бира Iамеркан зорбанан гIирсаш, Оьрсийчоьнан чоьхьарчу политикана Iаткъам бан гIертарна. Рапорта тIехь хьехош яра «Маршо Радио» а, «Iамеркан аз» портал а, CNN телекомпани а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG