Курскан кIоштахь Оьрсийчоьнан дозанхоша вийна 34 шо долу Нохчийчуьрчу БердакIеллара вахархо Бантаев Iаьрби, 2000-гIа шераш долалуш ТIом барна лаьцна чувоьллина хилла набахте. Колонера маьрша ваьлла хилла, иза 6 шо хан а текхна, хаам бо "Кавказский узело".
Гергарчара дийцарехь, цу хенахь дуьйна ваха вуьтуш ца хилла Бантаев ницкъаллин структурийн белхахоша. И бахьана долуш, эххаре а хьунхахь болчу тIемалойх дIакхетта иза.
"Кавказский узелан" хьастано дийцарехь, Бантаевн ваша Бантаев Ахьмад вийна Нохчийчохь «зачитка» дIхьош. 2007-чу шарахь лар йоцуш вайна цуьнан шолгIа ваша Бантаев Алихан, ткъа 2014-чу шарахь мича вахана ца хууш вайна кхолагIа ваша Бантаев Рамзан.
Гезгмашин-беттан 30-чу дийнахь Курскан кIоштахь герзаш деттарехь вийра Оьрсийчоьнан дозанхо. ТIелатар диначерах цхьаъ вийра дозанхоша, шолгIачо, ша а леш, карахь граната эккхийтира, кхолагIа – Эльмурзаев Мохьмад лецира, ткъа воьалгIачун, Демельханов Iелийн, аьтто белира къайла вала.