ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Инарла Конашенков: Къилбаседа Кавказера ДАIИШ-ан тIеман хьалханчаш байина Шемахь


Оьрсийчоьнан тIеман министраллан официалан векал инарла-майор Конашенков Игорь.
Оьрсийчоьнан тIеман министраллан официалан векал инарла-майор Конашенков Игорь.

«Исламан пачхьалкх» тобанера Иракъехь хилла тIемалойн бевзаш болу командираш – Къилбаседа Кавказера схьабелла тIемалой – байина шаьш Шемахь аьлла, дIахьедар дина Оьрсийчоьнан тIеман министраллан официалан векло инарла-майоро Конашенков Игора, хаам бо РИА Новости агенталло.

Инарло дийцарехь, тIаьхьарчу масех дийнахь жамIашна таллам бира цара хьалхо Абу-Кемал олучу гIалин йистехь Шеман а, Иракъан а дозанехь Оьрсийчоьнан тIеман кеманаш бомбанаш а, ракеташ а тоьхначу меттехь.

Конашенкос чIагIжарехь, цу тохарехь вийна 30 сов тIемало, шайна юкъахь Къилбаседа Кавказера схьабевллла нах а болуш. «Байинчарна юкъахь ву «Исламан пачхьалкхан» бевзаш болу командираш аш-Шишани Абу Омар а, аш-Шишани Аляуддин а, аш-Шишани Салахуддин а», - даладо РИА Новости агенталло Конашенкон дешнаш.

И кхо стаг хьалха а масийттоза вийна аьлла дIакхайкхийнера Оьрсийчоьнан тIеман министраллан векалша а, зорбанан гIирсаша а.

«Аш-Шишани Абу Омар цIарца вевзаш волу, Гуьржийчоьнан махкахо Батирашвили Тархан вийна Хасеке провинцерчу Эш-Шаддад гIалана гергахь кхушеран Зазадоккху-беттан юьххьехь аьлла, хаам бинера Пентагоно. ТIаьхьо Исламан пачхьалкхан куьйгалхойх волчу тIемалочун гергарчара а, Гуьржийчуьрчу Ахметан муниципалитетан векалшо а, харц дира иза (Абу Iумар М.Р.) вийна бохург. Батирашвили вара «Исламан пачхьалкхан» лаккхарчу куьйгалхойх, цо дIалоцуш дара масийтта лаккхара дарж, шайна юкъахь «тIеман министран» дарж а долуш. Iамерко 5 миллион доллар ахча кхайкхийнера, и стаг вен аьтто а хир болуш, иза волу меттиг схьайийцинчун», - яздо РИА Новости агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG