ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн кIант а леш, гIалат далийтина лор чуволла мегаш ву Норвегехь


Норвегехь, Бергенерчу университетан Хёукеланн олучу дарбанан хIусамехь, болх беш волчу лоьро гIалат далийтар бахьана долуш веллера нохчийн къомах волу Оьрсийчуьра 6 шо долу кIант. И лор хIинца чуволла мегаш бу, хаам бо ТАСС агенталло, Норвегин телерадиокомпанина тIе а тевжаш.

Болчу хаамца, полици хIинца а толлуш ю и гIуллакх.

Лор галвалар бахьана долуш онкологин цамгар ловш волчу цу кIентан хье болх бечура сецнера кхушеран Марсхьокху-баттахь. Химин терапи еш цунна дотта дезаш хиллера шина тайпана молха: цхьана катетерца хьен чу, вукхуьнца пхонахула.

Дарбанан цIанан белхахочо, молха чохь долу ампулаш а хийцина, иза динера нисса бIостанехьа. И бахьана долуш, кома олучу хьоле ваьллера жима кIант. Кхин а масех де даьлча лоьраша сацам бира цуьнан хье белла аьлла, амма, дас-нанас дехар дарца, и жима кIант диагноз талла вигира Норвегин коьртачу гIала Осло

Ослорчу лоьраша а дира изза жамI. Цул тIаьхьа кIант дIаваьккхира нуьцкъала садоIуьйтучу аппаратана тIе тесначура. ГIадужу баттахь Норвегехь дехачу дас-нанас, Нохчийчу а вигина, дIавоьллира иза.

Хёукеланн дарбанан хIусамехь даре дина гIалат даьлла хилар. Цуьнан куьйгалхоша хаам бина цунах лаьцна махкарчу лоьрашна тIехьожучу сервисе. Цул тIаьхьа Норвегерчу дарбанан хIусамашкахь тIеэцна цу кепара процедураш еш молханаш лелоран керла кепаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG