ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемалошна гIо дарна бехке веш ву Нохчийчуьра вахархо


Нохчийчуьрчу герзаца лелачу тобан декъашхошна гIо дина аьлла, 10 шо набахтехь даккха хан тоха мегаш ю меттигерчу вахархочун, хаам бо «Кавказский узело».

Цо дийцарехь, Нохчийчуьрчу талламан комитето, прокуратуро тIедилларца, бехктакхаман гIуллакх долийна Дадаев Мусадина дуьхьал. Иза бехке веш ву бакъонца йоцучу герз лелочу тобанна гIо дарна.

Хьалхо талламан комитетан белхахой реза ца хиллера Дадаев жоьпе озо, амма Нохчийчоьнан прокуратуро и сацам харц лаьрра. Прокуратуро чIагIдарехь, низамаш лардечу органашкахь тоьшаллаш ду и стаг 2016-чу шарахь тIемалошна гIо деш хилла хиларан.

ТIаьхьарчу масийтта шарахь, Дадаевна биллина бехк а буьллуш, иттаннаш нах чубоьхкина Нохчийчохь. Царна юкъахь зударий а бу. Масала, Ведан-кIоштара яхархо Сулейманова Арубика.

Иза лаьцна меттигерчу Iедалша вежарин ГакаевгIеран тIеман тобанна юкъахь хиллачу стагана ахчанца гIо дина аьлла.

Нохчийчура прокуратуран векалша чIагIдарехь, 2010-чу шарахь Сулейманов Руслан цIе йолчу жимачу стагана 10 эзар сом ахча делла хилла цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG